Нохчийн мотт-сан ненан мотт
15.02.2020Октябрьски к1оштан МБДХь "А. М. Цебиевн ц1арах йолчу N9" йолу юккъерчу школехь чиллин беттан 14-20-чу деношкахь д1аяьхьира "Халкъашна юкъарчу Ненан меттан денна" (чиллин беттан 21-ра де) лерина мероприятеш а, къовсамаш а. Байташ ешарца а, суьрташ дахкарца а, "Нохчийн мотт-сан ненан мотт" ц1е йолу сочиненеш язъярца а дешархоша кхин цкъа а гайтира Ненан матто шайн дахарехь йоккха меттиг д1алоцуш хилар.